Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала исраилхошка: „ХІорш ду Суна лерина долу динан деза денош. Цу деношкахь аша безачу гуламашка халкъ кхайкха деза. Ялх дийнахь болх бан мегар ду, ткъа ворхІалгІа де, садоІу шоьтан де, безачу гуламна лерина хилийта. Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе. Миччанхьа а шу Іаш делахь а, иза Везачу Элана лерина долу шоьтан де ду. ХІорш ду Везачу Элана лерина кхидолу деза денош, шайн-шайн хенашкахь билгалдаьхначу гуламашца“». «Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь, сарахь, Везачу Элана лерина Пасахь хила деза. Ткъа цу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь Везачу Элана лерина долу Совсазчу баьпкан деза денош дуьйладала деза. ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа дезаш ду шу. Цу езачу хенан хьалхарчу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. ВорхІ дийнахь Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІанаш даха. ВорхІалгІачу дийнахь а кхайкха нах безачу гуламе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь». Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала исраилхошка: „Ас шайна луш долчу лаьтта тІе шаьш даьхкича, ялта чудерзочу хенахь дуьххьарлера цІов динан дега дІало. Цо и цІов, шатайпа сагІа санна, Везачу Элана хьалха хьалаойур бу, Иза шуна резахилийта. Шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу дийнахь и ялтин цІов Везачу Элана хьалха хьалаойур бу цо. ЦІов хьалаойучу дийнахь цхьа шо кхаьчна, сакхт доцу Іахар а бей, цунах Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІа даккха. Іахарца цхьаьна кІен сагІа а, чагІаран сагІа а да. КІен сагІина цхьа сахь кІен тоьлла дама схьа а эца, ткъа цу тІе даьтта тоха. ЦІера тІехь даьккхина кІен сагІин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. ЧагІаран сагІина хІин цІе йолчу бараман доьалгІа дакъа чагІар схьаэца. Шайн Далла лерина и сагІанаш дохуш долу де тІекхаччалц, бепиг а, кхерзина я керла буьртигаш а ма даалаш. Шун тІаьхьенашна, миччанхьа шаьш Іаш делахь а, гуттаренна а тІедуьллуш ду иза“». «Везачу Элана хьалха хьалаайа шаьш цІов баьхьначу шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу денна тІера дуьззина ворхІ кІира дагарде. Шовзткъе итт де дІадаьлча, ворхІалгІа шоьтан де чекхдаьллачу шолгІачу дийнахь, Везачу Элана лерина керла кІен сагІа даккха. Шайн хІусамаш тІера Везачу Элана хьалха хьалаайина шатайпа сагІа санна ши бепиг да. Цхьа сахь тоьллачу кІен демах хьакхийначу совсийначу бедах дина хила деза и баьпкаш. Везачу Элана лерина дуьххьарлерчу ялтех долу совгІат хир ду иза. Баьпкашца цхьаьна шо кхаьчна долу, цхьа а сакхт доцу ворхІ Іахар а, даккхийчу хьайбанех цхьа старгІа а, ши ка а балабе. Цу бежанех Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІа доккхур ду. Цаьрца цхьаьна кІен а, чагІаран а сагІанаш даха дезаш ду. ЦІера тІехь дохуш долчу оцу сагІанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Къинан сагІина цхьа бож а, бертан сагІина шо кхаьчна ши Іахар а кечбе. Везачу Элана хьалха шатайпа сагІа санна даккха деза динан дас дуьххьарлерчу ялтех дина баьпкаш а, ши Іахар а. Везачу Элана лерина деза сагІа ду иза. И сагІа динан дена дІадала дезаш ду. Безачу гуламе цу дийнахь нах схьакхайкха, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. Шун тІаьхьенашна, миччанхьа уьш Іаш белахь а, гуттаренна а тІедуьллуш ду иза. Шайн лаьтта тІехь ялта хьокхучу хенахь кхан йистошка кхаччалц ма хьакха иза, ткъа охьаэгна кенаш схьа ма лехьаде. Къечарна а, тІебаьхкинчарна а дита уьш. Со шун Веза Дела ву». Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала исраилхошка: „ВорхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь садаІа. МаІаш а локхуш, безачу гуламе нах а кхайкха, дагалацаран де а хІоттаде цу дийнахь. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе, Везачу Элана лерина сагІа даккха цу дийнахь“». Везачу Эло Мусага элира: «ВорхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь безачу гуламе нах кхайкха, цу дийнахь къинош дІадахаран де хир ду шун. Массо а хІума шайна доьхкуш, марха а кхабий, Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа даккха. Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе, хІунда аьлча иза къинош дІадахаран де ду, шун Везачу Далла хьалха шуна тІера къинош дІадохуш долу де. Муьлхха а цу дийнахь массо а хІуманна тІера марха ца кхаьбнарг шен халкъана юкъара эккхор ву. Цу дийнахь муьлхха а болх бинарг Ас шен халкъана юкъара хІаллаквийр ву. Цхьа а тайпа болх ма бе. Шун тІаьхьенашна, миччанхьа уьш Іаш белахь а, гуттаренна а тІедуьллуш ду иза. Иза садоІу шоьтан де ду шуна. Цу беттан уьссалгІачу дийнахь сарахь дуьйна, массо а хІума шайна доьхкуш, марха кхаба. УьтталгІачу дийнан суьйре тІекхаччалц ларде шайн садоІу шоьтан де». Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала исраилхошка: „Оццу ворхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь дуьйна ворхІ де Везачу Элана лерина хилийта. Адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош де царах. Хьалхарчу дийнахь беза гулам дІахьо, вукху деношкахь санна болу болх ма бе. ВорхІ дийнахь Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа даккха. БархІалгІачу дийнахь безачу гуламе нах а кхайкха, Везачу Элана цІера тІехь сагІа а даккха. Иза динан гулам бу, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу хенахь. (Иштта ду Везачу Элана лерина деза денош. Цу деношкахь безачу гуламашка нах а кхайкха, шен-шен дийнахь цІера тІехь сагІанаш а даха: дийнаташ дагоран а, кІен а, бертан а, чагІаран а сагІанаш. И деза денош Везачу Элана леринчу шоьтан деношна тІетоьхна а ду, ткъа и сагІанаш – Везачу Элана лерина кхидолчу сагІанашна а, шайн лаамца я шаьш динчу нигаташца дахьачу совгІаташна а тІетоьхна а ду.) ВорхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь дуьйна, шаьш ялта схьагулдина девлча, ворхІ дийнахь Везачу Элана лерина деза денош дазде, хьалхарчу а, бархІалгІачу а дийнахь са а доІуш. Хьалхарчу дийнахь тоьлла стоьмаш а, хурма-диттан а, шуьйра гІаш долчу диттан а, хина уллохь кхуьучу дак-диттан а гаьннаш схьа а эций, шайн Везачу Далла хьалха ворхІ дийнахь самукъадаккха. ХІора шарахь ворхІ дийнахь Везачу Элана лерина дазде и деза денош. Иза шун тІаьхьенашна гуттаренна а тІедуьллуш ду. ВорхІалгІачу баттахь дазде и деза денош. Кхалораш кІелахь Іе ворхІ дийнахь. Исраилан махкахь дина долу муьлхха а стаг а, зуда а кхалор кІелахь Іен деза. Шун тІаьхьенашна хуур ду тІаккха, исраилхой Мисар-махкара арабаьхча, Ас кхалораш кІелахь баха охьаховшийний. Со шун Веза Дела ву“». Иштта Мусас исраилхошна дийцира Везачу Элан дезачу денойх лаьцна. Оццу дийнахь Везачу Элан цІийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира, цигахь дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш дохура, бертан сагІанан дийнатийн мохь а ягайора. ХІунда аьлча Везачу Элан цІенна хьалхахь лаьтташ болчу сагІа доккхучу йоьзачу кхерчана тІе дерриг а и сагІанаш ца тарлора. ЯхІудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхІус цхьа эзар сту а, ворхІ эзар уьстагІ а беанера сагІина гулбеллачарна тІера. Иштта баьччанаша а беанера цхьа эзар сту а, итт эзар уьстагІ а. ТІаккха динан дайшна юкъара дуккхамо а, Далла гІуллакх дарна дІа а къаьсташ, шаьш цІанбира. Цигахь хиллачу къомах болчу нахана жена юкъара ткъе итт эзар Іахаррий, буьхьиггий елира Юши-ЯхІус, царах Пасахьан сагІанаш дахархьама. Иштта кхо эзар сту а белира цо. И дерриг а дийнаташ паччахьан хьолан юкъара схьадеанера. И денош чекхдевллачул тІаьхьа, борхІалгІачу дийнахь, иштта кхин а тІаьхьарчу деношкахь а динан дайша цу сагІа доккхучу кхерчана тІехь дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш а дохур ду шуна тІера. Ткъа Со шуна реза хир ву“». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Шоьтан дийнахь ша Везачу Элана лерина доккхуьйтуш долчу дийнаташ дагоран сагІина эло бан беза шайна тІехь сакхт доцу ялх Іахар а, цхьа уьстагІ а. Иштта хІора уьстагІца кІен сагІина цхьацца мазал кІа а дан деза, ткъа хІора Іахарца кхин а шен дан йиш йолччул кІа а дан деза, цу тІе хІора мазал кІеца цхьа хІин зайтдаьтта а дан деза. Бутт цІинлучу хьалхарчу дийнахь цо тІехь цхьа а сакхт доцу старгІа а, иштта тІехь сакхт доцу ялх Іахар а бан беза. Цо старгІица а, уьстагІца а цхьаьна цхьа мазал кІа дала деза кІен сагІина лерина. Іахаршца шен дала таро йолччул кІа а дала деза цо, кхин а хІора кІен мазалца цхьа хІин зайтдаьтта а дала деза. Ша кхуза вогІучу хенахь, иза кевнан ученна чухула чувала а веза, цигахула аравала а веза. Динан дезачу деношкахь, адам Везачу Элана хьалха дІахІуттучу хенахь, къилбаседехьа долчу арахьарчу кевнехула чуваьлларг, къилбехьа долчу арахьарчу кевнехула аравала веза. Ткъа къилбехьа долчу кевнехула чувеанарг, къилбаседехьа долчу кевнехула аравала а веза; хІорра а стаг ша чувеанчу меттехула аравала ца веза, амма цунна дуьххьал долчу кевнехула аравала веза. Эла а царна юкъахь хила веза – уьш чубогІучу хенахь чуван веза, уьш арабовлучу хенахь аравала а веза. Билгалдаьхначу дезачу деношкахь а, динан дезачу деношкахь а цуьнгара хІора стараца а, хІора уьстагІца а цхьацца мазал кІа дан деза, ткъа Іахаршна тІера шен дог реза доллучул кІа дала деза цо. ХІора мазал кІа дахьаш, цуьнца цхьа хІин зайтдаьтта дан а деза. Элана шен лаамца Везачу Элана сагІа даккхийта лиъча, – дийнаташ дагоран я бертан сагІа иза делахь а, – цунна малхбалехьа долу ков схьаделла деза. ТІаккха цо, шена даккхийта лиъна долу сагІа, шоьтан дийнахь санна доккхуьйтур ду. Иза араваьллачул тІаьхьа цунна тІаьхьа ков дІакъовлур ду.
Выбор основного перевода