Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа цо ерриг а чоь юьстира. Иза йохалла ткъа дол яра, оццул шуьйра а яра. Цу стага соьга элира: «ХІара меттиг уггар еза чоь ю». Элан бакъо яц нахера латта схьадаккха а, уьш цу лаьтта тІера дІалахка а. Шен долахь долу латта бен дала йиш яц цуьнан шен кІенташна совгІатна, хІунда аьлча Сан халкъах волу цхьа а стаг шен долахь долчу лаьтта тІера дІалалла бакъо яц цхьаннан а». Динан дайшна лерина долу лаьттан деза дакъа иштта хир ду. Иза къилбаседехьа агІор ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь хила деза, малхбузехьа агІор – шоралла итт эзар дол, малхбалехь – шоралла итт эзар дол, иштта къилбехь дохалла ткъе пхиъ эзар дол хила а деза. Цу лаьттана юккъехь Везачу Элан еза меттиг хила еза.
Выбор основного перевода