Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага ма-аллара, дерриг а латта схьа а даьккхина, исраилхошна шайн тайпанашна юкъахь, дакъош а деш, декъа дІаделира ЮшаІа. Цул тІаьхьа тІамах садаьІира лаьтто. Цо цаьрга элира: «ХІара ду шуна аша воьхуш волчу паччахьо ден дерг: шун кІентий дІа а бигина, цо уьш шена гІуллакх дан дІахІиттор бу шуна. Цо уьш шен гІудалкхашна тІехь эскаран гІуллакх дан дІахІиттор бу, царах дошлой а бийр бу. Ткъа цхьаберш цуьнан гІудалкхана хьалха уьдуш лелар бу. Цхьаболчарах цо цхьа эзар эскархочунна тІехь куьйгалхой бийр бу, вукхарах – шовзткъе итт эскархочунна тІехь. Паччахьо цхьаберш шена ялта кхио дІахІиттор бу, вуьш эскархойн гІирс кечбеш, гІудалкхийн цхьацца меженаш кечъеш хир бу. Паччахьо шун зудабераш дІадуьгур ду, шена хаза хьожа йогІу хьакхарш деш, яа хІума кечъеш, бепиг доттуш гІуллакх дайта. Паччахьо шун тоьлла долу кхаш а, кемсийн бошмаш а, зайт-диттийн бошмаш а, шуьгара дІа а яьхна, шен гонах болчарна дІайоькъур ю. УьтталгІа дакъа дІадийначу лаьтта тІера а, кемсийн бешара а аша схьаэцначух цо шуьгара дІа а даьккхина, шена уллорачарна а, кхин болчу ялхошна а дІалур ду. Шун зударех а, божарех а болу леш а, уггар тоьлушха болу кегий нах а, варраш а – дерриге а паччахьо дІадуьгур ду шена гІуллакх дайта. Кегийрачу бежанех уьтталгІа дакъа, дІа а даьккхина, дІадуьгур ду. Ткъа шух цо шен леш дийр ду. Веза Эла ларар цунна тамехь хир ду. БІаьргашца гиначуьнга хьаьжна, цо гІуллакх къастор дац, лергашца хезначуьнга хьаьжна, цо нахана кхел йийр яц. Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гІело хьоьгучеран гІуллакх догцІеналлица къастор ду цо. ГІаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Іаьнарца цо Іесанаш бойур бу. Нийсо цуьнан хенаш тІера доьхка санна хир ю, тешаме хилар цуьнан юкъах долу доьхка хир ду. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. Мехкан куьйгалхой ижу дІасаийзош йолчу берзалойх тера бу. Нехан цІий а Іенош, уьш байъа а бойъуш, шайна са лоьху цара. Элан бакъо яц нахера латта схьадаккха а, уьш цу лаьтта тІера дІалахка а. Шен долахь долу латта бен дала йиш яц цуьнан шен кІенташна совгІатна, хІунда аьлча Сан халкъах волу цхьа а стаг шен долахь долчу лаьтта тІера дІалалла бакъо яц цхьаннан а». Иштта боху Хьалдолчу Эло: «ХІорш ду аша Исраилан халкъан шийтта тайпанна шерет санна лун долчу лаьттан дозанаш (ткъа Юсупна ши дакъа кхочур ду).
Выбор основного перевода