Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхойн боьха гІуллакхаш а, зуламаш а, къинош а цо иштта дІадохур ду уггар езачу чоьнна тІера. Изза цо дан деза гуламан четарца а, хІунда аьлча иза меттаматтана юкъахь лаьтташ ду, ткъа и меттамотт Далла хьалха цІена бац. «ХІора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши старгІа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар. ХІора старгІица цхьаьна кІен сагІина лерина зайтдаьттанах эдина долу цхьа сахь тоьлла кІен дама а дан деза аша. Ткъа коьмаца дан деза кІен сагІина лерина зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кІен дама. Иштта хІора Іахарца дан деза кІен сагІина лерина долу зайтдаьттанах эдина бархІ кад тоьлла кІен дама. Иза цІера тІехь даьккхина долу дагоран сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. ЧагІаран сагІина лерина цхьана старгІица цхьаьна аххІин чагІар а, коьмаца цхьаьна хІинан кхоалгІа дакъа чагІар а, цхьана Іахарца цхьаьна хІинан доьалгІа дакъа чагІар а дан деза. Цу тайпана дийнаташ дагоран сагІа даккха деза шеран хІора бутт болалучу хенахь. Шаьш хІора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран а, чагІаран а сагІанел сов Везачу Элана лерина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша». «Шеран хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь Везачу Элана лерина Пасахьан дезде хир ду. Ткъа цу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь кхин дезде а долалур ду. ВорхІ дийнахь совсоза болчу бедах деттина бепиг даа деза. Цу дезачу денойн хьалхарчу дийнахь беза гулам дІахІотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. ЦІера тІехь даьккхина сагІа санна, Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран иштта сагІа даккха: ши старгІа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхІ Іахар а. Уьш тІехь цхьа а сакхт доцуш хила беза. Иштта цаьрца цхьаьна кІен сагІина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кІен дама а кечде: хІора старгІица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, ткъа ворхІ Іахарх хІоранца бархІ кад дама. Къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дІадахаран Іадат кхочушдархьама. ХІора дийнахь, шаьш дохучу Іуьйренан дагоран сагІанел совдахий дахалаш хІара сагІанаш. Иштта кІиранан хІора дийнахь кечделаш шайх йогІу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу а, цІера тІехь даьхна долу а хІара кхачанан сагІанаш. Шаьш хІора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагІанел совдахий даха и сагІанаш. Цул тІаьхьа ворхІалгІачу дийнахь а беза гулам дІахІотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе». «Дуьххьарлера ялта схьаэцаран де долчу, ШавуІот цІе йолчу дезачу дийнахь, шайн керлачу ялтих Везачу Элана лерина кІен сагІа шаьш даьккхича, аша беза гулам дІахІоттабе, ткъа вукху деношкахь санна болу болх ма бе. Шех йогІу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлуш долу дийнаташ дагоран иштта сагІа даккха: ши старгІа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар а. Цаьрца цхьаьнадогІу кІен сагІанаш а даха: хІора старгІица зайтдаьттанах эдина долу ткъе биъ кад тоьлла кІен дама а, коьмаца ялхитта кад дама а, ткъа хІора Іахарца бархІ кад дама а. Иштта къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дІадахаран Іадат кхочушдархьама. Цу тайпана, хІора Іуьйранна дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанел совдахий, да Суна уьш, церан чагІаран сагІа а доккхуш. Аша сагІина далош долу дийнаташ шайна тІехь цхьа а сакхт доцуш хила деза». «Оцу ворхІалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь аша беза гулам дІахІоттабе. Массо а хІуманна тІера марха а кхобуш, цхьа а тайпа болх ма бе цу дийнахь. Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа йогІу дийнаташ дагоран сагІа даккха: цхьа старгІа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар а бай. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца цхьаьна кІен сагІина лерина хІора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кІен дама а кечде: хІора старгІица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, Иштта оцу хІора ворхІ Іахарца дан деза бархІ кад дама. Къинош дІадахаран Іадат кхочушдечу хенахь шаьш дохучу къинан сагІанел а, хІора дийнахь аша дохучу дийнаташ дагоран а, цаьрца дохучу кІен а, чагІаран а сагІанел сов цхьа бож къинах долу сагІа санна яккха еза аша». «ВорхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь аша беза гулам дІахІоттабе. Кхечу деношкахь санна болу болх а ца беш, Везачу Элана лерина долу и дезде ворхІ дийнахь дазде аша. Шех хаза хьожа йогІу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагІа даккха цІера тІехь: кхойтта старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта боьрша Іахар а. И дийнаташ шайна тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца цхьаьна кІен сагІина лерина хІора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кІен дама а кечде: кхойтта старгІанах хІоранца ткъе биъ кад дама, шина коьмах хІоранца ялхитта кад дама, бейтта Іахарх хІоранца бархІ кад дама. Къинан сагІина лерина яло еза цхьа бож. Уьш хир ду аша хІора дийнахь дохучу дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьхна дохуш долу сагІанаш. ШолгІачу дийнахь яло еза шийтта старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш шайна тІехь сакхт доцуш хила деза. СтаргІанашца а, койшца а, Іахаршца а цхьаьна, церан терахье хьаьжжина, кІен а, чагІаран а сагІанаш даха, шайна тІедиллина ма-хиллара. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. КхозлагІчу дийнахь яло еза цхьайтта старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца цхьаьна дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна лерина долу хІума, ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина, Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. ДоьалгІачу дийнахь яло еза итт старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш шайна тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца а дан деза кІен сагІина а, чагІаран сагІина а лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина, хила деза иза. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. ПхоьалгІачу дийнахь яло еза исс старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца а дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна дахьаш дерг. Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, сагІина лерина ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина дан деза иза. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. ЙолхалгІачу дийнахь яло еза бархІ старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна лерина дахьаш дерг. Иза хила деза, Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. ВорхІалгІачу дийнахь яло еза ворхІ старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца а дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, сагІина лерина ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина хила деза иза. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. БархІалгІачу дийнахь беза гулам дІахІоттабе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. Шех хаза хьожа йогІу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагІа даккха цІера тІехь: цхьа старгІа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхІ Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, сагІина лерина ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина, дан деза иза. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина, къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. Иштта, шайн динан дезачу деношкахь цу тайпана дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а, бертан а сагІанаш даха. Шаьш йина чІагІо кхочушхилийтархьама я шайн деган лаамца дохучу сагІанел совдахий даха и сагІанаш». Хьалдолчу Эло иштта боху: «Чоьхьарчу кертан малхбалехьа долу ков болх бечу ялх дийнахь дІакъевлина хила деза, амма шоьтан дийнахь иза, бутт цІинлучу дийнахь санна, дІадиллина хила деза. Шоьтан деношкахь а, иштта бутт цІинлучу хенахь а кху мехкан халкъ хІокху кевнна уллохь Везачу Элана суждане гІур ду. Бутт цІинлучу хьалхарчу дийнахь цо тІехь цхьа а сакхт доцу старгІа а, иштта тІехь сакхт доцу ялх Іахар а бан беза. Товрат-хьехаме хьаьжжина, дерриг а ала мегар долуш хІума цІийца цІандеш ду, цІий ца Іанийча, гечдар ца хуьлу.
Выбор основного перевода