Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ДІаала исраилхошка: „Оццу ворхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь дуьйна ворхІ де Везачу Элана лерина хилийта. Адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош де царах. Хьалхарчу дийнахь беза гулам дІахьо, вукху деношкахь санна болу болх ма бе. ВорхІ дийнахь Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа даккха. БархІалгІачу дийнахь безачу гуламе нах а кхайкха, Везачу Элана цІера тІехь сагІа а даккха. Иза динан гулам бу, вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу хенахь. (Иштта ду Везачу Элана лерина деза денош. Цу деношкахь безачу гуламашка нах а кхайкха, шен-шен дийнахь цІера тІехь сагІанаш а даха: дийнаташ дагоран а, кІен а, бертан а, чагІаран а сагІанаш. И деза денош Везачу Элана леринчу шоьтан деношна тІетоьхна а ду, ткъа и сагІанаш – Везачу Элана лерина кхидолчу сагІанашна а, шайн лаамца я шаьш динчу нигаташца дахьачу совгІаташна а тІетоьхна а ду.) ВорхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь дуьйна, шаьш ялта схьагулдина девлча, ворхІ дийнахь Везачу Элана лерина деза денош дазде, хьалхарчу а, бархІалгІачу а дийнахь са а доІуш. Хьалхарчу дийнахь тоьлла стоьмаш а, хурма-диттан а, шуьйра гІаш долчу диттан а, хина уллохь кхуьучу дак-диттан а гаьннаш схьа а эций, шайн Везачу Далла хьалха ворхІ дийнахь самукъадаккха. ХІора шарахь ворхІ дийнахь Везачу Элана лерина дазде и деза денош. Иза шун тІаьхьенашна гуттаренна а тІедуьллуш ду. ВорхІалгІачу баттахь дазде и деза денош. Кхалораш кІелахь Іе ворхІ дийнахь. Исраилан махкахь дина долу муьлхха а стаг а, зуда а кхалор кІелахь Іен деза. Шун тІаьхьенашна хуур ду тІаккха, исраилхой Мисар-махкара арабаьхча, Ас кхалораш кІелахь баха охьаховшийний. Со шун Веза Дела ву“». Иштта Мусас исраилхошна дийцира Везачу Элан дезачу денойх лаьцна. «ВорхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь аша беза гулам дІахІоттабе. Кхечу деношкахь санна болу болх а ца беш, Везачу Элана лерина долу и дезде ворхІ дийнахь дазде аша. Шех хаза хьожа йогІу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагІа даккха цІера тІехь: кхойтта старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта боьрша Іахар а. И дийнаташ шайна тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца цхьаьна кІен сагІина лерина хІора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кІен дама а кечде: кхойтта старгІанах хІоранца ткъе биъ кад дама, шина коьмах хІоранца ялхитта кад дама, бейтта Іахарх хІоранца бархІ кад дама. Къинан сагІина лерина яло еза цхьа бож. Уьш хир ду аша хІора дийнахь дохучу дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьхна дохуш долу сагІанаш. ШолгІачу дийнахь яло еза шийтта старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш шайна тІехь сакхт доцуш хила деза. СтаргІанашца а, койшца а, Іахаршца а цхьаьна, церан терахье хьаьжжина, кІен а, чагІаран а сагІанаш даха, шайна тІедиллина ма-хиллара. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. КхозлагІчу дийнахь яло еза цхьайтта старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца цхьаьна дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна лерина долу хІума, ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина, Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. ДоьалгІачу дийнахь яло еза итт старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш шайна тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца а дан деза кІен сагІина а, чагІаран сагІина а лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина, хила деза иза. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. ПхоьалгІачу дийнахь яло еза исс старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца а дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна дахьаш дерг. Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, сагІина лерина ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина дан деза иза. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. ЙолхалгІачу дийнахь яло еза бархІ старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна лерина дахьаш дерг. Иза хила деза, Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. ВорхІалгІачу дийнахь яло еза ворхІ старгІа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца а дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, сагІина лерина ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина хила деза иза. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. БархІалгІачу дийнахь беза гулам дІахІоттабе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. Шех хаза хьожа йогІу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагІа даккха цІера тІехь: цхьа старгІа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхІ Іахар а. Уьш тІехь сакхт доцуш хила деза. Цаьрца дан деза кІен а, чагІаран а сагІанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тІедиллина ма-хиллара, сагІина лерина ялийначу старгІанийн а, койн а, Іахарийн а терахье хьаьжжина, дан деза иза. Ткъа хІора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а сагІанел совдаьккхина, къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша. Иштта, шайн динан дезачу деношкахь цу тайпана дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а, бертан а сагІанаш даха. Шаьш йина чІагІо кхочушхилийтархьама я шайн деган лаамца дохучу сагІанел совдахий даха и сагІанаш». «Кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош ворхІ дийнахь дазде, шаьш аренаш тІера ялта хьаькхна девлча а, шайн муттдоккхургашна чуьра чагІар схьадаьккхина девлча а. Оцу дезачу деношкахь сакъера – аша а, шун кІенташа а, йоІарша а, шун леша а, гІарбашаша а, шун гІаланашкахь Іаш болчу левихоша а, тІебаьхкинчу наха а, байша а, бисинчу зударша а. ВорхІ дийнахь шайн Веза Дела лоруш дазделаш и денош, Везачу Эло къастор йолчу оцу меттехь. Кхоччуш сакъералуш хилалаш, хІунда аьлча шун Везачу Дала аш ялта чудерзоран балхана тІехь а, шун куьйгаша мел дечу гІуллакхашна тІехь а декъалдина ду шу. Шарахь кхузза халкъана юкъара боьрша стаг мел верг шен Везачу Далла хьалха дІахІотта веза Цо къастор йолчу оцу меттехь – совсазчу баьпкан дезачу дийнахь, ШавуІот цІе йолчу дезачу дийнахь, Кхалорийн дезачу деношкахь. Цхьа а стаг Везачу Элана хьалха даьссачу куьйгашца ван ца веза. ХІорра а шен Везачу Дала ша декъалваре хьаьжжина, Везачу Элана лерина долу совгІат карахь а дахьаш ван веза». «Шун Везачу Дала шайна лур йолчу массо а гІаланашкахь шайн-шайн тайпанийн латтанашкахь кхелахой а, тІехьовсурш а дІахІиттабе. Иза де цаьрга халкъана тІехь нийса кхел яйтархьама.
Выбор основного перевода