Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІара бутт шеран дуьххьарлера бутт хир бу шун. ДІаала берриг а исраилхошка: хІокху беттан уьтталгІачу дийнахь хІораммо а цхьацца Іахар я буьхьиг эца шен доьзална. Нагахь санна Іахар баа ца баллал доьзал жима белахь, шена уллорачу лулахочуьнца юкъахь схьаэца и Іахар. Шайн доьзалхошка хьаьжжина, цхьа Іахар массарна а кхаччал декъало. Іахар боьрша а, цхьа а сакхт доцуш а, цхьа шо кхаьчна а хила беза. Іахар я буьхьиг а мегар ю. Кху беттан дейтталгІа де тІекхаччалц иза Іалашбан беза. Цу дийнахь, суьйренан бода тІебеача, массо а доьзалехь кечбина болу Іахар бен беза. И Іахар буун болчу цІеношкахь неІаран гуран шинне агІор а, неІаран дукъо тІе а Іахаран цІий хьакха. Цу буссехь цІера тІехь деттина Іахаран жижиг дІадаа деза аш. Иза къаьхьачу бецашца а, совсазчу баьпкаца а даа деза. Цунах датта далаза диснарг а ма даа, я кхехкийнарг а ма даа. Корта а, когаш а, чоко а дІа а ца йоккхуш, цІера тІехь даттий, дІадаа иза. Іуьйре хилале цунах хІумма а ма дита, амма дуьсуш хилахь, сахилале цІера тІехь дагаде диснарг. И кхача буучу хенахь шу тІе хІума юьйхина хила деза, юкъ а йихкина, когахь мачаш а йолуш. ХІума сихонца яа еза аш. Некъан Іаса карахь хила еза шун. Иза Везачу Элан Пасахь ду. Цу буса Мисарахула чекхвер ву Со. Доьзалехь хьалха дуьнен чу даьлларг дуьйр ду Ас, адамна тІера хьайбанна тІекхаччалц. Мисархойн массо а деланашна тІехь кхел йийр ю Ас. Со Веза Эла ву. Шун цІенош тІехь долу цІий Суна билгало хир ю. ЦІий гича, Со шуна уллохула тІехвер ву. Ас Мисар-махкана таІзар дечу хенахь, шуна цхьа а зулам хир дац. Цундела таханлера де гуттар а дагахь латтаде, цу дийнахь аша дагадоуьйтур ду Ас шайна динарг. И де даздарца шун тІаьхьенаша гуттар а йолчу хенахь Веза Эла лорур ву». «ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа. Дуьххьарлерчу дийнахь шайн цІенош чуьра бод совсо хІума дІаяккха, хІунда аьлча цу деношкахь совсийна хІума йиънарг исраилхошна юкъара дІаваккха веза. Хьалхарчу а, ворхІалгІачу а дийнахь беза гулам дІахІотто беза аша. Цу деношкахь цхьа а тайпа болх бан мегар дац, яа хІума кечъяр бен. Совсазчу баьпкан дезде дагахьлатто деза аша, хІунда аьлча цу дийнахь шун тобанаш Мисар-махкара араяьхна Ас. И де шун тІаьхьенаша а латто деза дагахь, гуттар а йолчу ханна тІедиллина долу дела. Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнан сарахь дуьйна ткъе цхьалгІачу дийнан сарралц совсаза бепиг дуур ду аш. «Хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь, сарахь, Везачу Элана лерина Пасахь хила деза. Ткъа цу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь Везачу Элана лерина долу Совсазчу баьпкан деза денош дуьйладала деза. ВорхІ дийнахь совсаза бепиг даа дезаш ду шу. «Цунна билгалъяьккхинчу хенахь Исраилан халкъе Пасахьан дезде даздайта. Цу беттан дейтталгІачу дийнахь, суьйранна, оцу гІуллакхна билгалъяьккхинчу хенахь, цуьнан массо а парзашка а, тІедехкинчаьрга а хьаьжжина, кхочушделаш иза». «Шеран хьалхарчу беттан дейтталгІачу дийнахь Везачу Элана лерина Пасахьан дезде хир ду. Ткъа цу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь кхин дезде а долалур ду. ВорхІ дийнахь совсоза болчу бедах деттина бепиг даа деза.
Выбор основного перевода