Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Исраилхошна тІедилла шайна кхаьчначу лаьттан дакъош тІехь йолчу гІаланех цхьаерш левихошна дІаялар, уьш цигахь бахийтархьама. Иштта оцу гІаланашна гонах долу дежийлаш левихошна дІадала деза цара. Ша Делан цІийнан керташкара чоьхьара юьстина ваьлча, цо со малхбалехьа лаьттачу кевнехула аравалийра, цул тІаьхьа иза Делан цІийнан кертал арахьара меттиг юста волавелира. Малхбалехьа йолу агІо цо шен гІожаца юьстира. И агІо пхи бІе дол хилира. Цо иштта къилбаседехьа йолу меттиг а юьстира, иза а пхи бІе дол хилира. Къилбехьара агІо юьстича, иза а пхи бІе дол хилира. Малхбузерчу агІонга а вахана, иза а цо юьстича, иза а пхи бІе дол хилира. Иштта Делан цІийнан керташна гонах болу пен цо еа а агІонгара буьстинера. И пен бохалла а пхи бІе дол бара, иштта пхи бІе дол шоралла а бара иза. Цу пено еза меттиг еза йоцучу меттигах дІакъастайора.
Выбор основного перевода