Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта хьан дайн тІаьхьенах болу, хьан вежарий болу левихой схьабалабе хьайна юххе, цаьрга, хьайна юххехь а болуш, тоьшаллин четарна хьалха хьайна а, хьайн кІенташна а гІо дайтархьама. Левихойн доьзалшкара болу и нах хьан куьйга кІел хир бу. Цара массо а Делан четарна уллохь ха дийр ду. Амма Делан цІа чохь йолчу цхьана а хІуманна а, кхерчана а уьш юххе ма бахийта, я уьш а, я шу а ца далийтархьама. Иштта, еза хІуманаш лар а е, сагІа доккхучу кхерчана уллохь ха а де, Со Исраилан халкъана кхин оьгІаз ца вахийтархьама.
Выбор основного перевода