Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу стага соьга элира: «Адаман кІант, хьайн бІаьргашца хьажа а хьажа, хьайн лергашца ла а догІа, хьайн дог ас гойтуш долчу массо а хІуманна тІе а дерзаде, хІунда аьлча хьо и дерриг а гайта валийна ву кхуза. Хьайна мел гинарг Исраилан халкъе дІадийца». Ткъа хІинца ахьа, адаман кІант, Исраилан халкъе дІадийца хІокху Делан цІийнах лаьцна, шаьш лелийначу харцонашна уьш юьхьІаьржачу а хІиттийна, цаьрга кхунна тІера бустамаш дахийтархьама. Царна шаьш лелийнарг бахьана долуш эхь хетахь, дІагайта царна Делан цІа, хІара муха дина ду а, кхуьнан чуволу а, араволу а меттигаш а дІагайта царна. ХІара муха дина ду а, кхуьнан массо а парзаш а, кхуьнан куц а, кхунна лелаш болу товрат-хьехамаш а дІабийца царна. Церан дуьхьа дерриг а дІаязде, цаьрга цуьнан массо а куц лардайтархьама а, цуьнан массо а парзаш кхочушдайтархьама а.
Выбор основного перевода