Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІетахь Везачу Эло Левин тайпа дІакъастийра, цуьнга Везачу Элаца динчу бертан тІорказ дІасалеладайтархьама а, Везачу Элана хьалха гІуллакх дайтархьама а, Цуьнан цІарах декъалдарш дІакхайкхадайтархьама а. Таханлерчу дийне схьакхаччалц иза хІинца а иштта схьадогІуш ду. Къилбаседехьа йирзина йолу чоь сагІа доккхучу кхерчана ха деш болчу динан дайшна лерина ю. Уьш берриш а ЦІадукъин тІаьхьенах бу. Левихойн тайпанах болчарна юкъара церан бен бакъо яц Везачу Элана уллобаха, Цунна хьалха гІуллакх дархьама». Ткъа ахьа, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гІуллакх а деш, Суна тІегІерташ болчу, ЦІадукъин тІаьхьенах болчу, иштта левихойн тайпанах болчу динан дайшна къиношна тІера сагІа даккха цхьа сту дІало. И латта Суна къобалбинчу а, ЦІадукъин тІаьхьенах болчу а, Сан дуьхьа ха дина болчу а динан дайшна дІало. Исраилан халкъ тиладеллачу хенахь, уьш Суна уллора дІа ца бевлира, левихой ма-бовллара.
Выбор основного перевода