Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
МеттахІотторан шарахь и кха дІахецча, иза Далла дІакъастийна хир ду. И кха гуттаренна а Везачу Элана дІа ца боьрзу бахам хир бу. Динан дайн дола дер ду иза. Шен долахь долчух стага, гуттаренна а, Везачу Элан дІа ца боьрзу бахам санна, лерина мел хилийтинарг – я адам, я даьхни, я кха – духкуш а, юхаоьцуш а хила мегар дац. Везачу Элана дІа ца боьрзу бахам мел хилийтинарг Цунна бен дІакъастийна дац. Халкъо Суна сагІина лерина еанчу уггар езачу хІуманех дага ца деш дисина дакъа хьан хир ду. Цара сагІина мел деанчух – кІен а, я къинан а, я къера хиларан а сагІина деанчух – и дакъа хьуна а, хьан кІенташна а кхачош дерг ду. Уггар езачу меттехь яалаш иза. Хьан доьзалера волчу массо а боьршачу стага даа мегар ду и дакъа, амма дагахь латтаделахь – сагІина лерина деанарг деза хІума хилар. Исраилхоша гуттаренна а Везачу Элана болу дІа ца боьрзу бахам санна къобал мел динарг хьан хир ду.
Выбор основного перевода