Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна цхьа къовсаме долу гІуллакх цхьалхадаккха шайна хала делахь, – и гІуллакх цІий Іанорах лаьцна, девнах лаьцна, я чов ярх лаьцна делахь, – шун гІаланашкара нах берриш а цхьатерра реза бацахь, хьала а гІовттий, шайн Везачу Дала къастор йолчу оцу метте дІагІо. Левихой болчу динан дайшна а, оцу деношкахь кхел еш хир волчу кхелахочунна а тІе а гІой, цаьрга хатта, тІаккха цара эр ду шуьга кхел нийса муха ян еза. Амма шен паччахьаллин гІанта тІе ша охьахиъча, левихойн динан дайшкахь долчу тептарш тІера хІара товрат-хьехамаш шена дІаязбан беза цо. Шайн гІаланашкахь бехачу шун вежаршкара шайна тІедеанчу муьлххачу а къовсамечу гІуллакх тІехь, иза цІий Іанорца я товрат-хьехамашца, я весеташца, я парзашца, я кхидолчу тІедехкинаршца доьзна делахь а, уьш Везачу Элана хьалха бехке ца хилийта царна хьехамаш бе. Иштта гІуллакхаш де, тІаккха аша къилахь дерг дийр дац. Ас Сайн шоьтан денош а делира царна, Суна а, царна а юкъахь билгалонаш а хилла дІахІиттина долу, иштта царна дІахаийтархьама, Со уьш Сайн дола бохуш волу Веза Эла вуйла. Ас шайна делла долу шоьтан денош дІакъастаде, царах Суна а, шуна а юкъахь йолу билгало хилийтархьама а, Со шун Веза Эла хилар цаьрга шуна дагадаийтархьама а›. Мехкан динан дайша Сан товрат-хьехамаш дІа а тотту, Суна лерина хІуманаш сийсаз а йоху, дезаниг деза доцучух дІа ца къастадо, иштта хьанал дерг хьарамчух а дІа ца къастадо. Цара Суна лерина шоьтан де а ца лору. И хІума лелорца Цара Со а бехво.
Выбор основного перевода