Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн арара дуьххьара гулдина ялта хьайн Везачу Делан цІийне да. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде». хІунда аьлча доьзалшкахь хьалха дуьнен чу бевлла кІентий берриге а Сан долахь бу. Айса мисархойн хьалха дуьнен чу бевлла кІентий берриге а байинчу дийнахь, исраилхойн доьзалшкахь хьалха дуьнен чу бевлла массо а кІентий а, иштта хьалха хилла массо а дийнаташ а Сайн битина Аса. Уьш Сан хила деза. Со Веза Эла ву». Хьалхарчу бедах шаьш бепиг доттучу хенахь, цхьа бепиг Везачу Элана лерина сагІина ло. Иза хьаьттара даьккхина совгІат хир ду Везачу Элана. Оха иштта тхайн Делан цІийнан чІоьнаш чохь болчу динан дайшна тхайна хиллачу ялтих уггар а хьалха хьакхийна бод а бахьар бу, тхан бешара уггар хьалха схьабаьлла болу стом а, уггар хьалха схьадаьккхина долу чагІар а, зайтдаьтта а дахьар ду. Ялтех долу уьтталгІа дакъа оха дІалур ду болх беш йолчу массо а ярташкахь уьтталгІа дакъа схьагулдеш болчу левихошна. Схьадайша шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа дерриг а чІоьнашна чу, Сан дезачу цІа чохь кхача хилийтархьама. Оцу тІехь зейша Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас дІайоьллур яц ткъа шуна стигалан неІарш, тІеІанор дац ткъа Ас шуна тоъал декъалдарш?
Выбор основного перевода