Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Левихойн доьзалшкара болу и нах хьан куьйга кІел хир бу. Цара массо а Делан четарна уллохь ха дийр ду. Амма Делан цІа чохь йолчу цхьана а хІуманна а, кхерчана а уьш юххе ма бахийта, я уьш а, я шу а ца далийтархьама. Ткъа, хьалха цІушна Іамалъеш хиларна, оцу динан дайшна Ярушалайм-гІалахь Везачу Элана хІоттийначу сагІа доккхучу кхерчана тІехь сагІа даккха ца магадора. Делахь а вукху динан дайшца цхьаьна совсаза бепиг даа магийтина дара царна. Цигахь къилбаседехьа хилла болу элий а, иштта адамашна кхерамаш туьйсуш болу цІаданхойн тІемалой а бу. Туьро хІаллакбиначаьрца цхьаьна уьш сунтбаза Іохкуш бу, шайн юьхьІаьржо лаьтта буха боьлхучаьрца цхьаьна дІаяхьа. Шаьш цхьа а кхерам а боцуш машаре даха хевшича, уьш юьхьІаьржачу хІиттина лелар а бу, Суна шаьш схьагайтина долу шайн тешаме цахилар а лелош. Сан халкъ дІасацийна, Со къобал ца варна. Со къобалвар ахь дІатесна дела, ахь Суна, динан дас санна, гІуллакх дар Аса а дІатосур ду. Дала белла товрат-хьехам ахь бицбина дела, Аса а дицдийр ду хьан бераш».
Выбор основного перевода