Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДогІа догІучу хенахь мархашна юккъера схьакхетта стелаІад санна, серло яра цунна гонах йогуш. Хьала а гІаьттина, со аренга дІавахара. Цигахь лаьтташ Везачу Элан сийлалла дара, суна Кабар-хина уллохь гинарг санна долу. ТІаккха со сайн юьхь лаьтта тІе кхачош охьавуьйжира. Цо дохалла а, шоралла а юьстира арахьарчу кертан къилбаседехьа арадолучу кевнан. Ученан арахьахула, къилбаседехьара долчу кевнна чуволучу меттехь лаьтташ шинна а агІор шишша стол яра. ТІаккха со, Сино хьала а айина, чоьхьарчу керта ваьккхира. Суна гира, Везачу Элан сийлалло дерриг а Делан цІа хьаладуьзна хилар. ТІаккха Делан сийлаллин а, нуьцкъалаллин а кІуьрах дуьзира и Делан цІа. Ткъа оцу ворхІ малико беана ворхІ бала дІабаллалц, цхьанна а стеган цу цІа чу ваха йиш яцара.
Выбор основного перевода