Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш хьайца а болуш, цаьрга гуламан четарна уллохь ха дайтархьама а, четарца доьзна долу дерриге а гІуллакхаш кхочушдайтархьама а. Ткъа царах воцу цхьа а стаг шайна тІе а ма ваийта. Везачу Элан ЦІа чохь гІуллакх деш болчу АхІаронан тІаьхьенах болчарна гІо дан дезаш дара. Левихоша цІано латто езаш яра цу ЦІийнан керташкахь а, цуьнан агІонаш тІехь йолчу чоьнашкахь а. Цара Везачу Элан ЦІа чохь а, кертахь а мел йолу хІума цІанйора. Левихойн болх бара Везачу Элан ЦІа чохь а, кертахь а гІуллакх дар. Иштта, левихоша гуламан четарна уллохь ха а дора, еза хІуманаш лар а йора. Цара гІо дора АхІаронан тІаьхьенах болчу шайн гергарчу нахана Везачу Элан ЦІийнан кертахь Далла гІуллакх дан. Цу стага соьга элира: «Къилбехьа йолу чоь Делан цІенна ха деш болчу динан дайшна лерина ю. Левихой Сан цІийнан кертахь хир бу езачу меттиган кевнаш лардархьама а, кертахь гІуллакх дархьама а. Цара дийнаташ дагоран сагІанашна а, кхидолчу сагІанашна а лерина долу дийнаташ дойур ду адамашна. Цара адамашна гІо а дийр ду, царна гІуллакх а дийр ду.
Выбор основного перевода