Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло АхІароне элира: «Церан долчух цхьа а тайпа лаьттан дакъа а хир дац хьан, цигахь латта а хир дац хьан долахь. Лаьттан декъан метта Со хир ву хьан, исраилхошна юкъара хьан дакъа хир ду Со. Цундела шайн вежарийн долчух лаьттан дакъа дац левихойн, церан долахь латта а дац. Лаьттан декъан метта Веза Эла ву церан, цаьрга хьан Везачу Дала дІа-ма-аллара.) Левин тІаьхьенна дакъа ца делира Мусас. Исраилан халкъан Везачу Далла деана сагІанаш ду церан дакъа, Везачу Эло левихошка ма-аллара. Левин тІаьхьенна Мусас дакъа ца делира: Исраилан халкъан Веза Дела Ша ду церан дакъа, Цо цаьрга ма-аллара. И даздина латта хир ду, Делан цІа чохь гІуллакх деш болчу а, Далла гІуллакх дан Цунна тІе богІуш болчу а динан дайн. Цу лаьтта тІехь цара шайна цІенош дийр ду, иштта Делан цІенна лерина йолу еза меттиг а хир ю цигахь.
Выбор основного перевода