Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхана Везачу Элана хьалха цу чу цІе а латаяй, хаза хьожа йогІу сегІаз цу чу дилла. ТІаккха Везачу Эло Шен везаниг санна волу схьахаьржинарг мила ву хуур ду. Тоьар ду шуна, левихой!» Иза чІогІа духахьара тайпа ма ду. Амма цара хьоьга ладогІахь а, я ла ца догІахь а, шайна юкъахь пайхамар вехаш хилар хоийла царна. Алмаз тІулгал а чІогІа ду, иштта чІогІа хир бу хьан корта а. Хьо царал а къар ца луш хир ву. Царах кхера а ма кхера, ийза а ма ло, иза юхахьадаьлла халкъ делахь а». Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Тоьар ду шуна, Исраилан халкъан элий! Нахана ницкъ бар а, царна гІело яр а сацаде. Цуьнан метта бакъдерг а, нийсо а лелае. Сан халкъ шен лаьтта тІера арадаккха ма гІерта». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Кхечу къаьмнийн нахах тарделла, хьалха а шортта хан яьккхина аша: вон мел дерг лелош, зударий а, божарий а хьарам лаамаш болуш, нахаца лелаш, муьйлуш, цІушна хьарам Іибадат деш.
Выбор основного перевода