Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Гуламан четарца доьзна долу гІуллакх левихоша дийр ду, ткъа цара жоп дала деза муьлххачу а четарна дуьхьал даьллачу зуламах. Иза шуна а, шун тІаьхьенна а гуттаренна а тІедиллина ду. Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна, Юши-ЯхІу-паччахьо массо динан дай, ЯхІуд-махкара ара а баьхна, Ярушалайм-гІали чубехира. Берриге а ЯхІуд-махкахь – ГибаІ-гІалара дуьйна Беар-ШабаІ-гІала кхаччалц – динан дайша тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягийна меттигаш бехъяйтира цо. Юши-ЯхІу-паччахьо иштта гІалин кевнна уллохь болчу газа-цІушна лерина болу сагІа доккху гу бохабайтира. ГІалин хьаькам хиллачу ЮшаІан кевнехь чуволлучохь, гІалин кевнан аьрру агІор, бара и гу. Ткъа, хьалха цІушна Іамалъеш хиларна, оцу динан дайшна Ярушалайм-гІалахь Везачу Элана хІоттийначу сагІа доккхучу кхерчана тІехь сагІа даккха ца магадора. Делахь а вукху динан дайшца цхьаьна совсаза бепиг даа магийтина дара царна. Юха ахьа, аьрру агІор охьа а вижий, Исраилан халкъан къинош хьайна тІеэца. Хьо цу аьрру агІонна тІехь мел Іуьллу, оццул ханна и къинош хьуна тІехь хир ду. Мехкан динан дайша Сан товрат-хьехамаш дІа а тотту, Суна лерина хІуманаш сийсаз а йоху, дезаниг деза доцучух дІа ца къастадо, иштта хьанал дерг хьарамчух а дІа ца къастадо. Цара Суна лерина шоьтан де а ца лору. И хІума лелорца Цара Со а бехво. И латта Суна къобалбинчу а, ЦІадукъин тІаьхьенах болчу а, Сан дуьхьа ха дина болчу а динан дайшна дІало. Исраилан халкъ тиладеллачу хенахь, уьш Суна уллора дІа ца бевлира, левихой ма-бовллара. маьхьарий а детташ: «Исраилхой! ГІо дейша! ХІара массанхьа а нах товратан хьехамашна а, вайн халкъана а, Делан цІенна а дуьхьалбохуш ву. Ткъа хІинца, Делан цІийне кхечу къомах болу нах – грекаш – а балийна, сийлахьа меттиг бехйина кхо».
Выбор основного перевода