Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуткъачу кІадих коч йоза, иштта, чалба а, доьхка а де дуткъачу кІадих. Доьхка тир яьккхина хила деза. АхІаронан кІенташна а е кучамаш а, доьхкий а, коьртах йоьхку хІуманаш а. Цу духарша церан сий а, ларам а хуьлуьйтур бу. И бедарш АхІаронна а, цуьнан кІенташна а тІехь хила еза, уьш гуламан четар чу богІуш а, езачу чоьнна чохь гІуллакх дан сагІа доккхучу кхерчана тІе богІуш а, царна тІе бехк а биллина, уьш хІаллак ца хилийтархьама. АхІаронна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а тІедиллина хІума ду иза». АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дуткъачу дуьйцинчу кІадих кучамаш тийгира. Чалба а, коьртах йоьхку хІуманаш а, чухула юху бедарш а йира оцу дуткъачу кІадих. Сан парзаш ларде. Хьайн тайп-тайпана бежанаш цхьаьна ма кхетийта. Шина тайпана хІу ма де хьайн кха тІе. Шина тайпана кІадих йина бедар а ма лелае. Шайна тІе а ма духа тайп-тайпанарчу тайнех дуьйцина долу духар: эханган а, ветанан а теш цхьаьна доьзна долу.
Выбор основного перевода