Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло со цига схьавалийра. Цигахь цІаста санна къегаш долу амат долуш волу цхьа стаг вара. Кевнна уллохь дІа а хІоьттина, лаьтташ волчу цуьнан карахь хІума юстуш йолу вēтанан тІийраг а, иштта хІума юстуш йолу гІаж а яра. Динан дай цу чу бахча, церан арахьарчу керта бовла йиш яц, шайна тІера Далла гІуллакх дечу хенахь лелош йолу бедарш охьаяхккалц, хІунда аьлча и бедарш а еза ю. Цара шайна тІе кхин бедарш юха еза, ткъа цул тІаьхьа бен халкъ долчу арабовла йиш яц церан». Цу стага со малхбалехьа дІадерзийна лаьтташ долчу кевнна тІе вигира.
Выбор основного перевода