Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Куьг санна йолу меже схьа а кховдийна, Цо сан коьртара месаш схьалецира. ТІаккха Делан Сино со лаьттаний, стигаланий юккъе хьалаайира. Дала хІиттийначу суьрташкахь Цо со Ярушалайм-гІала, Делан цІенна къилбаседехьа йолчу чоьхьарчу кертан кевнна улло, дІавигира, эмгаралла хуьлуьйту цІу лаьтташ волчу. Шайн бераш шайн цІушна сагІина даьхьначу дийнахь, цара Сан еза меттиг, чу а бовлий, сийсазйоккхура. Иштта лелара уьш Сан цІа чохь. Аша Сан цІийнан керта чу хийрачу къаьмнех болу нах балийра. Иштта сунтбаза а, дегнаш хедоза а болчу аьрхачу наха а, Сан цІенна улло а кхаьчна, иза бехдина, Суна тІе сагІанийн мохь а, цІий а деача. Шаьш мел динчу дегазчу гІуллакхашца Соьца бина болу барт бохийра аша.
Выбор основного перевода