Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа уьш, шайн тІемаш хьала а айдина, суна а гуш, лаьттара хьаладахара. Уьш дІадоьлхучу хенахь царна уллохь чкъургаш а дІаоьхура. Уьш Везачу Элан цІийнан малхбалехьа долчу кевнна хьалха дІахІиттира, ткъа Исраилан халкъан Делан сийлалла царна тІехула яра. Цул тІаьхьа, малхбалехьа дІадерзийна динчу кевнна улло а вахана, цуьнан ламеш тІехула хьала а ваьлла, неІсагІа дуьстира цо. Оцу неІсагІин шоралла цхьана гІожан барамехь яра. Цо со юха а езачу меттиган малхбалехьа дІадерзийна динчу арахьарчу кевне схьавалийра. И ков дІакъевлина дара. Хьалдолчу Эло иштта боху: «Чоьхьарчу кертан малхбалехьа долу ков болх бечу ялх дийнахь дІакъевлина хила деза, амма шоьтан дийнахь иза, бутт цІинлучу дийнахь санна, дІадиллина хила деза.
Выбор основного перевода