Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхерч тІехь лаьттачу меттиган йохалла дейтта дол яра, иштта цуьнан шоралла а дейтта дол яра. Ткъа цунна гонах хІоз бара, ахдол лекха а болуш, ткъа хІазарна гонах йолу саьнгар цхьа дол шуьйра яра. Цу кхерчана тІе боьду лами малхбалехьарчу агІор бара. Цунах схьадаьллачу цІийх цхьажимма сагІа доккхучу кхерчан еа маІана тІе а, иштта цуьнан беа соне а, цунна гонах болчу хІазарна тІе а хьакха. Иштта, цІан а бай, базбе иза. Динан дас оцу къиношна тІерачу сагІанах схьадаьлла цІий схьа а эцна, иза Делан цІийнан неІсагІанашна а, иштта сагІа доккхучу кхерчан лакхарчу хІазаран еа маьІигна а, чоьхьарчу кертан кевнан неІсагІина а тІетоха деза.
Выбор основного перевода