Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Билггал хаа ду хьуна, тахана Аса хьо дІахІоттий халкъашка а, пачхьалкхашка а Сан цІарах вистхила. Ахьа дІахьедийр ду, уьш орамашца бухдаьхна а, дохийна а хир ду аьлла, уьш хІаллакдина а, дІадаьхна а хир ду аьлла, уьш юхаметтахІиттийна а, юхадоьгІна а хир ду аьлла». соьга, динан да волчу Бузин кІанте Яхьазкхиале, Везачу Элан дош кхечира, со хашадхойн махкахь Кабар-хина уллохь волуш. Цигахь суна тІе Везачу Элан ницкъ боьссира. Суна, Яхьазкхиална, гира къилбаседехьара схьахьоькхуш долу дарц. Йоккха марха яра гуш, цунна юккъера стелахаьштигаш а лепаш, ткъа цунна гонах къегаш серлаюьйлуш яра. Мархина юккъехь, стелахаьштигаш долчохь, лепаш цІаста санна йолу хІума яра. Дарцана юкъахь диъ дийнат санна хІума яра. ДІахьаьжча, церан кеп адамийн сибатах тера яра. Делахь а цу хІораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тІам а бара. Церан когаш нийса бара, ткъа коган кІело аьттан берг санна яра, цІандина цІаста санна къегаш а яра. Церан еа а агІонашкахь долчу тІемашна кІелахь адамийн куьйгаш дара. Деа дийнатан яххьаш а, тІемаш а дара. Церан тІемаш вовшех дозуш дара. Шаьш дІадуьйлалучу хенахь уьш, дІаса а ца доьрзуш, муьлххачу а агІор дІадахалора. Церан хІораннан а хьалхара юьхь – адаман юьхь яра, аьтто агІорниг – лоьман юьхь яра, аьрру агІор – стеран юьхь яра, ткъа хІораннан а тІехьара юьхь аьрзунан юьхь яра. Церан шишша тІам царна тІехула дІасабаржийна бара. ХІораннан а шишша тІам вукхуьнан тІемех хьакхалуш бара. ХІораннан а иштта кхин а шишша тІам бара, цаьрца шайн догІмаш къайладохура цара. Уьш хІорра муьлххачу а агІор дІадахалора. Шайн са дІагІертачу агІор доьлхура уьш, доьлхучу хенахь дІаса а ца доьрзуш. Дийнатийн сибат, догуш долу кІегий санна, къегаш дара, хаьштигех тера а дара. Цу дийнаташна юкъахь лелаш цІе яра, иза, ткъес санна, серло етташ яра. Ткъес санна, сиха дІасалелаш дара и дийнаташ. Цу дийнаташка хьаьжча, суна гира царна уллохь лаьттах кхеташ йолу йиъ чкъург, церан еа агІонна уллохь. ХІора чкъурган сибат цхьатерра дара. Уьш, хризолит олучу безачу тІулгех йича санна, лепаш яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора. И чкъургаш дІайоьлхучу хенахь дийнаташна хьалха йолчу муьлхха а еа агІонгахьа дІайигалора цаьрга. Чкъургаш дІаса а ца йоьрзуш, дийнаташ нийсса дІадоьлхура. Ткъа цу чкъургийн гонаш инзаре лекха дара – уьш массо а бІаьргех дуьззина дара. И дийнаташ дІадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дІаоьхура, ткъа нагахь уьш хьалаайаелча, и чкъургаш а цаьрца цхьаьна хьалаайалора. Дийнаташ шайн сино дІаюьгучу метте дІадоьлхура, уьш дахначу метте и чкъургаш а дІайоьлхура цаьрца нийсса, хІунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара. И дийнаташ дІадоьлхучу хенахь, чкъургаш а дІайоьлхура, уьш сецча – совцура, уьш лаьтта тІехула хьалаайаделча, цаьрца нийсса хьалаайалора чкъургаш а, хІунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара. Церан кортош тІехула нартол санна йолу хІума яра, ша санна цІена исбаьхьа лепаш а йолуш. Цу нартол бухахь дІасадахийтина церан тІемаш дара, хІораннан а тІам вукхуьнан тІомах кхеташ. Ши тІам царна тІехула дІабоьдуш бара, ткъа вукху шина тІомо церан дегІ дІахьулдора. Уьш дІадоьлхучу хенахь суна церан тІемийн гІовгІа хезара. Церан тІемаша, дІадоьдуш долчу доккхачу хино санна, гІовгІа йоккхура. И гІовгІа Ницкъболчун аз санна, я эскаран гІовгІа санна хеталора. И дийнаташ дІадоьлхучуьра совццушехь, тІемаш церан агІонашна тІедуьжура. Цу дийнаташа, саца а сецна, шайн тІемаш охьадахийтича, церан кортошна тІехуларчу нартолна тІехулара аз схьахезара. Церан кортошна тІехуларчу нартолна тІехула саппир олучу безачу тІулгах йинчу Іаршах тера хІума яра. Цу тІехь адаман сибатехь волу цхьаъ Іаш волуш санна хетара. Суна гира гІодаюкъара дуьйна хьала, шена чуьра схьайолу цІеран алу санна, иза лепачу цІастанах тера хилар. Ткъа гІодаюкъана охьа а цІе летта лепаш санна йолу хІума гира суна. ДогІа догІучу хенахь мархашна юккъера схьакхетта стелаІад санна, серло яра цунна гонах йогуш. Хьала а гІаьттина, со аренга дІавахара. Цигахь лаьтташ Везачу Элан сийлалла дара, суна Кабар-хина уллохь гинарг санна долу. ТІаккха со сайн юьхь лаьтта тІе кхачош охьавуьйжира. Цигахь Исраилан халкъан Делан сийлалла яра, суна Кабар-хина уллохь йолчу аренгахь гинарг санна йолу. Цул тІаьхьа суна хезира, Дала мохь туххуш олуш: «Схьадуьйла кхуза, гІалина таІзар дан кечделларш, шайн карахь хІаллакдаран герз долуш а хила». Къилбаседехьа дІадирзина лаьттачу лакхара ков долчу агІонера схьавогІуш ялх стаг гира суна. Церан хІораннан а карахь хІаллакдаран герз дара. Цаьрца кхин цхьа стаг вара, шена тІеюьйхина дуткъачу кІадих йина йолу бедарш а йолуш, гІодаюкъарчу доьхкарх дІабихкина яздархочун гІирс а болуш. Схьа а баьхкина, сагІа доккхучу цІестан кхерчана улло дІахІиттира уьш. Ткъа вукхаьрга Цо элира: «Цунна тІаьхьа а хІиттий, гІалахула дІагІо, массо а хІаллак а веш, цхьаннах а къинхетам а ца беш, цхьа а кхоа а ца веш:
Выбор основного перевода