Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь цхьаммо, бертан сагІа доккхуш, доккха бежана даладахь, бен а дац иза боьрша я стен хилар, – Везачу Элана леринарг цхьа а айп доцу бежана хила деза. БорхІалгІачу дийнахь АхІарон а, цуьнан кІентий а, исраилхойн къаной а схьакхайкхира Мусас. Исраилхошка шаьш эрна арахь урс хьокхуш долу дийнаташ Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неІаре, динан да волчу схьадаладайта деш ду иза. Везачу Элана лерина бартбаран сагІина дайа деза цара и дийнаташ. Сан махкахь болчу безачу лам тІехь, лекхачу Исраилан лам тІехь, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гІуллакх а деш, лелар ду дерриг а Исраилан халкъ. Ас цигахь хазахетарца тІеоьцур ду шу. Цигахь Со хьоьжур ву аша Суна лерина мел долчу хІумане а, шун тоьллачу сагІанашка а, шун дезачу совгІаташка а.
Выбор основного перевода