Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан четарна гонах марха хІоьттира, ткъа цу гуламан четаран чоь Везачу Элан олаллин нуьро юьзира. Динан дай оцу езачу чоьнна чуьра арабевлча, Везачу Элан цІа чохь марха хІоьттира. И Везачу Элан цІа Цуьнан олаллин нуьрах дузарна, кхин дІа шайн гІуллакх дан ца делира динан дайшка. ТІаккха со Делан Сино хьалаайира. Сайн букъ тІехьа суна чІогІачу гІовгІанан аз хезира. Оцу озо олура: «Ша Іаш волчу меттехь Везачу Элан сийлаллина хастам хуьлда!» Делан Сино со, хьала а айина, дІаваьхьира. Догдоьхна, са карзахдаьлла вара со. Везачу Элан куьг дара суна тІехь чІоггІа лаьтташ. Куьг санна йолу меже схьа а кховдийна, Цо сан коьртара месаш схьалецира. ТІаккха Делан Сино со лаьттаний, стигаланий юккъе хьалаайира. Дала хІиттийначу суьрташкахь Цо со Ярушалайм-гІала, Делан цІенна къилбаседехьа йолчу чоьхьарчу кертан кевнна улло, дІавигира, эмгаралла хуьлуьйту цІу лаьтташ волчу. Цул тІаьхьа каруб-маликашна тІехула йолу Везачу Элан сийлалла, хьалаайа а елла, неІсагІехьа дІайолаелира, тІаккха Делан цІа оцу мархах хьаладуьзира, ткъа ерриг а керт Везачу Элан сийлаллин нуьрах хьалаюьзира. Цул тІаьхьа цо со къилбаседехьа долчу кевнехула Делан цІенна хьалха схьавалийра. Со дІахьаьжча, Делан цІа хьаладуьзна долу Везачу Элан сийлалла гира суна. ТІаккха со бертал вуьйжира.
Выбор основного перевода