Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шена тІе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира Мусас. Дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч четарна хьалха, чуволлучохь, хІоттийра цо. Цу тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш а, кІенан сагІанаш а дохура Мусас, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара. Везачу Элана хьалха старгІина урс хьакха деза цу стага, цул тІаьхьа АхІаронан кІентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагІа доккхучу кхерчана массо а агІор тІетоха деза цу бежанан цІийн цинцаш. ВорхІазза сагІа доккхучу кхерча тІе даьтта а тоьхна, кхерчана а, цуьнан гІирсашна а, юьхь-куьгдуьлургана а, цуьнан буьхана а тІе даьтта доьттира уьш къобалъян. Иштта дара суна хІоьттина долу Везачу Элан сийлаллин сурт. Сайна иза гича, голаш тІе лаьтта охьа а воьжна, сайн юьхь лаьтта улло кхаччалц охьатаІийра аса. Суна Вистхуьлучун аз хезира. Цо соьга элира: «Адаман кІант! ХьалахІотта хьайн когаш тІе, Со хьоьга вистхила воллу».
Выбор основного перевода