Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Акацих сагІа доккху кхерч бе. Иза беакІов а болуш, бохалла а, шоралла а пхи дол хила беза, локхалла кхо дол хила беза. Юккъехь баьсса а болуш, аннех бе кхерч, Ас лам тІехь хьайна ма-гайттара». Суна Делан цІийнан кертана гонахула бина болу пен гира. Цу стеган карахь суна хІума юстуш йолу гІаж гира, ялх дол хиллал еха а йолуш (хІора дол цхьа шира доллий, цхьа шей лоруш яра). Цу стага пенан шоралла юьстича, иза цхьана гІожан барамехь шуьйра а, оццул лекха а яра. Цо чоьхьара керт юьстира. Иза бІе дол йохалла а, бІе дол шоралла а яра, еакІов а йолуш. Делан цІенна хьалха лаьтташ сагІа доккху кхерч а бара. Суна гира, дерриг а Делан цІенна гонах хьалабоьттина бух бара. Иза агІонашкахь йолчу чоьнашна лерина бара. Цуьнан локхалла цхьана гІожан барамехь яра, ялх дол а йолуш.
Выбор основного перевода