Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн вешина АхІаронна а, цуьнан кІенташна а тІедуха и духарш. Царна тІе даьтта а дуттуш, Суна леррина гІуллакх дан къобалбе уьш, Сан дуьхьа уьш дІа а къастош, тІаккха Суна лерина гІуллакх деш динан дай хир бу царах. АхІаронца а, цуьнан кІенташца а дан дезарг Ас хьайна тІе-ма-диллара кхочушде дерриг а. Суна леррина гІуллакх дан уьш къобалбар ворхІ дийнахь дІадахьа деза. ХІора дийнахь цхьацца старгІа, е а йийна, къинна дуьхьал сагІа санна яккха, къа дІадаккхархьама а, сагІа доккху кхерч цІанбархьама а. Кхерча тІе даьтта дотта, иза беза хилийта. ВорхІ дийнахь иштта къа дІадоккху сагІанаш даха, кхерч баз а беш. ТІаккха иза чІогІа беза хир бу. Дерриг а кхерчах хьакхаделларг деза хир ду». ВорхІ дийнахь гуламан четарна хьалхара дІа ма довла, шаьш даздаран денош чекхдовллалц, хІунда аьлча шун даздар ворхІ дийнахь дІадахьа деза.
Выбор основного перевода