Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къинан сагІина лерина старгІа схьаялийра Мусас. Юха АхІарона а, цуьнан кІенташа а старгІин коьрта тІе куьйгаш дехкира. ТІаккха цо Кхорахье а, цуьнца болчу массаьрга а элира: «Везачу Эло кхана гойтур ду, Шен верг мила ву а, вазвинарг мила ву а, иза Шена тІеозорхьама. Цо Ша схьахаьржжинарг Шена тІеозор ву. Везачу Эло цуьнга Мусагахула аьлла ма-хиллара. Иза динера АхІаронан хІух воцучу цхьана а стаге Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогІу сегІаз дагадайтархьама, Кхорахьна а, цуьнан нахана а хилларг шена ца хилийтархьама. Динан да Абу-ЯтІари Далла гІуллакх деш волчуьра дІаваьккхира Сулим-паччахьо. Иштта кхочушхилира Шилун олучу меттигехь Іелех а, цуьнан тІаьхьенах а аьлларг. Цул тІаьхьа ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу Йоабан метта эскаран хьаькам вахийтира Сулим-паччахьо. Ткъа динан да волу ЦІадукъа Абу-ЯтІарин метта динан коьрта да хІоттийра цо. Къилбаседехьа йирзина йолу чоь сагІа доккхучу кхерчана ха деш болчу динан дайшна лерина ю. Уьш берриш а ЦІадукъин тІаьхьенах бу. Левихойн тайпанах болчарна юкъара церан бен бакъо яц Везачу Элана уллобаха, Цунна хьалха гІуллакх дархьама». Ткъа левихойн тайпанах долчу ЦІадукъин гаранах болу динан дай, Исраилан халкъ Сох дІадирзинчу хенахь Сан еза меттиг ларъеш болу, Суна улло кхача безаш бу, Суна хьалха гІуллакх дархьама. Уьш Суна хьалха лаьтташ хир бу, Суна сагІанийн мохь а, цІий а доккхуш’. Иштта боху Хьалдолчу Эло. Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь бежана юкъара тІехь сакхт доцу старгІа схьаэца, Делан цІийнан керт цІанъярхьама. Динан дас оцу къиношна тІерачу сагІанах схьадаьлла цІий схьа а эцна, иза Делан цІийнан неІсагІанашна а, иштта сагІа доккхучу кхерчан лакхарчу хІазаран еа маьІигна а, чоьхьарчу кертан кевнан неІсагІина а тІетоха деза.
Выбор основного перевода