Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш дІадоьлхучу хенахь суна церан тІемийн гІовгІа хезара. Церан тІемаша, дІадоьдуш долчу доккхачу хино санна, гІовгІа йоккхура. И гІовгІа Ницкъболчун аз санна, я эскаран гІовгІа санна хеталора. И дийнаташ дІадоьлхучуьра совццушехь, тІемаш церан агІонашна тІедуьжура. Цул тІаьхьа каруб-маликашна тІехула йолу Везачу Элан сийлалла, хьалаайа а елла, неІсагІехьа дІайолаелира, тІаккха Делан цІа оцу мархах хьаладуьзира, ткъа ерриг а керт Везачу Элан сийлаллин нуьрах хьалаюьзира. ТІаккха Везачу Элан сийлалла, Делан цІийнан неІсагІина уллора дІа а даьлла, каруб-маликашна тІехула сецира. Ткъа уьш, шайн тІемаш хьала а айдина, суна а гуш, лаьттара хьаладахара. Уьш дІадоьлхучу хенахь царна уллохь чкъургаш а дІаоьхура. Уьш Везачу Элан цІийнан малхбалехьа долчу кевнна хьалха дІахІиттира, ткъа Исраилан халкъан Делан сийлалла царна тІехула яра. Везачу Элан сийлаллин нур, гІалина юккъера хьала а даьлла, цунна малхбалехьа болчу лам тІехула дІахІоьттира. Цуьнан когаш пешахь лалийначу, къегачу цІастанах тера бара. Чухчарин гІовгІа санна дара Цуьнан аз. Цул тІаьхьа суна гира стигалара охьадогІу кхин а цхьа малик. Цуьнан долахь доккха олалла дара. Оцу маликан нуьро латта къагийра. Делан сийлалла яра цу гІалина чохь. Къегаш болчу яспис олучу безачу тІулгах а, чекх са гуш долчу цІеначу ангалих а тера дара цуьнан лепар.
Выбор основного перевода