Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунах схьадаьллачу цІийх цхьажимма сагІа доккхучу кхерчан еа маІана тІе а, иштта цуьнан беа соне а, цунна гонах болчу хІазарна тІе а хьакха. Иштта, цІан а бай, базбе иза. ВорхІ дийнахь къинойх долу сагІа даккха цхьацца бож ялае. Иштта бежана юкъара тІехь сакхт доцу цхьацца старгІа а, иштта жена юкъара цхьа а сакхт тІехь доцу уьстагІ а балабе. ВорхІ дийнахь цара сагІа доккху кхерч оцу тайпана цІанбан беза, иза баз а беш.
Выбор основного перевода