Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьала а гІаьттина, Дауд-паччахьо элира: «ЛадогІалаш соьга, сан вежарий а, сан халкъ а! Суна даггара лиира Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ лардан меттиг кечъян. Суна лиира вайн Везачу Далла когийн кІело хир йолу хІара меттиг дІанисъян. Аса Делан цІа дІахІотто кечам бина. Массо а халкъашна тІехь Паччахь ву Дела. Шен езачу Іаршехь охьахиъна ву Дела. ХІунда хьоьжу шу хьегарца, ва лекха лаьмнаш, Дала Шен бу аьлла къастийначу ломе? Вехар ву Веза Эла цу лам тІехь даим. Вазвейша вайн Веза Дела, Цуьнан когийн кІелонна хьалха Іибадат дейша, Дела веза ма ву! Ливанун-махкара сийлахь дитташ – зоьзан а, базанан а, баганан а цхьаьний – хьуна схьадахьар ду. Цаьрца хаздийр ду Сан деза цІа, тІаккха Ас сийдийр ду Сайн когийн меттиган. Уьш юхаметтахІоттабале, цара лелийначу зуламашна а, цара летийначу къиношна а догІург шозза дІалур ду Аса оцу нахана, хІунда аьлча, декъий санна, са доцучу шайн цІушца цара Сан латта бехдина, шайн дегазчу харцделанех цара Сан долахь дерг дуьзна». Церан кортошна тІехуларчу нартолна тІехула саппир олучу безачу тІулгах йинчу Іаршах тера хІума яра. Цу тІехь адаман сибатехь волу цхьаъ Іаш волуш санна хетара. Исраилхойн декъий Ас церан цІушна хьалха охьадохкур ду, ткъа шун даьІахкаш шун сагІа доккхучу меттигашна гонах охьакхуьссур ю. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла, хІаллакбина болу уьш шайн цІушна юкъахь а, шайн сагІа доккхучу меттигашна гонах а, иштта дерриг а гунашна тІехь а, лаьмнийн баххьашна тІехь а, хІора тІехь гІа долчу дитта кІел а, иштта шен гаьннаш дІаса дахийтинчу ножан диттана кІел а – шаьш хаза хьожа йогІу хІуманаш цІушна лерина ягийначу массо а меттехь – шаьш Іохкучу хенахь. Ткъа хьо, Исраилан халкъ, – боху Хьалдолчу Эло, – дало, шух хІора, шайн цІуйн гІуллакх а деш лела! Амма цул тІаьхьа, аша Соьга ла ца догІахь, Сан еза цІе аша кхин сийсазйохур ма яц шайн сагІанашца а, шайн цІушца а! Ас массо а ханна цаьрца машаран барт бийр бу. Ас уьш баха а ховшор бу, дебор а бу, иштта царна юкъахь массо а ханна Сайн еза меттиг дІа а хІоттор ю. Сан Деза цІа царна юкъахь гуттаренна а хилча, кхечу къаьмнашна хуур ду, Со Исраилан халкъ Сайна лерина даздеш волу Веза Эла вуйла’“». Везачу Элан цІа дІахІоттон верг иза хир ву. Паччахьан сийлалла тІеоьцун верг а иза хир ву, паччахьан гІанта тІехь олалла а дийр ду цо. Цуьнан паччахьан гІанта уллохь коьрта динан да хир ву, ткъа цунна а, вукхунна а юкъахь барт а, машар а лаьттар бу“. Стигаларчу Іаршара айдина долу аз хезира суна. Цо бохура: «ХІинца Дела Іаш волу меттиг адамашна юкъахь ю! Дела цаьрца Іийр ву, ткъа царах Цуьнан халкъ хир ду. Церан Дела Ша и адамаш долчохь Іийр ву.
Выбор основного перевода