Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу тайпана Сан парзашца лелар бу уьш, Сан тІедехкинарш, лар а деш, кхочушдийр ду цара. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. Ткъа ахьа, адаман кІант, хьо йийсаре дІавуьгуш волчуха ларча кечъе, ткъа дийнахь, массарна а гучу хенахь, новкъа валий, хьайн меттера кхечу метте дІагІо. ТІаккха кхета а мега уьш. Делахь а иза аьрха къам ду. Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду, Аса шу Сайн парзашца лоьлуьйтур а ду, Сан тІедехкинарш, лар а деш, кхочушдойтур а ду. Везачу Эло соьга элира: «Адаман кІант! Хьайн дог тІе а дерзадай, хьайн бІаьргашца хьажа а хьажа, хьайн лергашца ла а догІа Ас Делан цІийнан керташна лерина мел долчу парзех а, товрат-хьехамех а лаьцна хьайга бохучуьнга. Дикка хьажа Делан цІенна чуволийле а, иштта езачу меттиган араволийлашка а.
Выбор основного перевода