Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло элира: «Ахь хІун дина? Хьан вешин цІийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара. Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчех цхьаммо яа мегаш йолу акхаро я олхазар лацахь, цуьнан цІий дІа а дахийтина, юха цу цІийна тІе латта таса деза, Амма, варелаш, дийнатийн цІийца долу дилха ма даалаш, хи санна, лаьтта тІе дІаІанаделаш иза. Цара, хи санна, цІий Іанийна Ярушалаймана гонах, уьш дІабохка стаг а вацара. Уьш нахаца лелла, церан куьйгаш тІехь нехан цІий ду. Шайн цІушца а лелла уьш. Шаьш Суна бина болу кІентий а цара, цІерах чекх а бохуьйтуш, цІушна кхачанна дІалора. Амма бакъахьа лелаш болчу божарша царна бехк буьллур бу. Цара кхел йийр ю царна, нахаца лелаш а, цІий Іенош а болчу зударшна санна, хІунда аьлча уьш нахаца лелаш а бу, церан куьйгаш цІийх дуьзна а ду». ТІаккха Цора-гІалин пенаш дохор ду, иштта йохийна хир ю цуьнан бІаьвнаш а. Ур-атталла къапалг Аса арахьокхур ю цигара, цунах ерзина тарх а еш.
Выбор основного перевода