Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оццу беттан пхоьалгІачу дийнахь (иза дара ЯхІу-Яхин-паччахь йийсаре вигначу пхоьалгІачу шарахь), Халкъан цхьа дакъа Бавеле дІадигначул тІаьхьа йолхалгІачу шеран йолхалгІачу беттан пхоьалгІачу дийнахь, со сайн цІа чохь хиъна Іаш а волуш, суна хьалха хевшина Іаш яхІудхойн къаной а болуш, Хьалдолчу Элан ницкъ боьссира суна тІе. Халкъ Бавеле дІадигначул тІаьхьа, ворхІалгІачу шеран пхоьалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь Исраилан халкъан масех къано веара со волчу, Везачу Элах дагавалархьама. Уьш, схьа а баьхкина, суна хьалха охьахевшира. Халкъ Бавеле дІадигначул тІаьхьа цхьайтталгІачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:
Выбор основного перевода