Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, шеран уьтталгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тІамца тІевахара. ГІалина уллохь меттамотт дІа а хІоттийна, ерриг а гІалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. Везачу Эло соьга элира: «Поппаран йоккха экъа схьа а эций, йозанан гІирсаца къаьсташ дІаязде цу тІехь: „МахІир-Шалал-Хьаш-Баз“». Иштта боху Везачу Эло: «ДІаязде цу стагах лаьцна, тІаьхье йоцуш волчу стагах санна, шен дахарехь аьтто кхин хир боцучух санна, хІунда аьлча цуьнан тІаьхьенах цхьаммо а, Дауд-паччахьан цІийнах ша хиларна, ЯхІуд-махкахь паччахьалла дийр ду». ЯхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу паччахьаллехь волу уьссалгІачу шеран уьтталгІачу баттахь Бавелан паччахь Набухди-Нецар, дерриг а шен эскар а далош, Ярушалаймана го а бина, дІахІоьттира. ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, шеран уьтталгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тІамца тІевахара. ГІалина уллохь меттамотт дІа а хІоттийна, ерриг а гІалина гонах гунаш дира цара, иза схьаяккха кечам бархьама.
Выбор основного перевода