Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту. Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу. Ша йинчу чІагІонца ца лела ткъа Иза? Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо? Исраилан халкъан сийлахьчу Дала харцдерг а дуьйцур дац, Иза дохко а вер вац, хІунда аьлча Дела адам дац Шен лаам хийца». Иштта ду Сан багара схьадолу дош а – иза даьсса юха ца доьрзу Суна тІе. Цо Суна луург кхочушдо, Ас даийтина дош Іалашоне кхочу. Иштта дийна волчу Сайх чІагІо йо Хьалдолу Эла волчу Аса, шайн боьхачу цІушца а, шаьш мел лелийначу дегазчу гІуллакхашца а аша Сан еза Меттиг сийсазъяккхарна, Аса Сайх дІахадор ду шу. Со шуьга къинхетам боцуш хьожур ву, шу кхоа а ца деш. Иштта, Ас цу нахах къинхетам бийр бац, уьш кхоор бац. Царах даьлларг церан шайн кортошна тІе дожор ду Аса». Массо а аренгарчу дитташна дІахуур ду Ас, Везачу Эло, лекха дитташ лаха дохийла, ткъа лоха дитташ лакха дохийла. Сийна дитт Ас дакъадо, ткъа дакъаделларг, заза доккхуьйтий, дІахІоттадо. Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса». Цундела Ас кхел йийр ю шуна, исраилхой. Ас хІора стагана, цуьнан леларе хьаьжжина, кхел йийр ю. – Иштта элира Хьалдолчу Эло. – Цундела, Со волчу юха а дерзий, шаьш мел лелош йолчу харцонашна тІера дІадовла! Къа бахьана долуш шаьш гал ма дийлийта. Аса уьш кхечу къаьмнашкахула дІаса а даржийна, кхечу мехкашкахула дІаса а кхиссина. Ас, цара лелийна долчу гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йина царна.
Выбор основного перевода