Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: „Шу боьханиг санна хилла дІахІиттина дела, Ас шу дерриш а Ярушалаймана чу схьагулдийр ду. Дети а, цІаста а, эчиг а, даш а, гІели а цхьаьна а тухий, кхерчана юккъе дуьллу, цІе марса а йоккху, уьш дашийтархьама. Аса а, Сайн оьгІазаллица а, дераллица а шу схьа а гулдина, Ярушалайм-гІалина чу а дехкина, лалор ду. Шу схьа а гулдина, Ас Сайн оьгІазаллин цІеран Іаь тухур ю шуна тІе, тІаккха шу цу юкъахь лелар ду. ЦІергахь лелаш долу дети санна, шу а лелар ду цу юкъахь. ТІаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со вуйла, шуна тІе Сайн дералла йоссийнарг“». Шуна-м дика ца деза, шуна вон деза. Аша адамашна тІера цІока йоккху, ткъа церан даьІахкаш тІера дилха доккху. Сан халкъан дилха аша доу, царна тІера цІока йоккху, ткъа церан даьІахкаш кегйо. Кхаби чу кхуьссуш санна, оту, ткъа жижиг, яй чу тосуш санна, хедадо».
Выбор основного перевода