Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Махкахь цІе яхана болу нах а, къен нах а хІокху лаьтта тІехь лийр бу. Цхьаммо а уьш дІа а бухкур бац, цхьа а стаг царна воьлхур а вац. Белларш дагахь латто, цхьаммо а шен дилха хедор дац, ткъа цхьаммо а коьртара месаш лоргур яц церан дуьхьа. Беллачарна боьлхуш болчу нахана цхьаммо а яа хІума а яхьар яц, церан догъэцархьама. Цхьаммо а кад кховдор бац цаьрга, шайн да я нана яларна церан догъэцархьама. хІунда аьлча цигахь адамашна даъал бепиг а, маллал хи а хир дац. Уьш инзарбевлла вовшашка хьоьжур а бу, уьш телхар а бу. Иза хир ду церан къинош бахьана долуш». Цхьанна а ца хозуьйтуш, даккхий синош даха, чІогІа тийжа а ца тийжаш. Хьайн коьртара чалба дІа а ма яста, мачаш кога а юха, хьайн маж къайла а ма яккха, тийжаран кхача а ма баа».
Выбор основного перевода