Юха а Везачу Элан дош кхечира соьга: «Ярми-ЯхІу, хІун го хьуна?» Аса жоп делира: «Суна кхехкаш болу яй го, къилбаседехьара жимма агІор таьІна болу».
ХІокхара боху: „Цкъачунна а вайна цІенош ден йолу хан тІе ца кхаьчна. Цу гІалахь вай кхерамехь дац, цигахь вай яй чу тесна жижиг санна ду“.
Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аша цигахь байъина охьабехкина нах – жижиг ду, ткъа и гІала – яй бу, амма Ас шу цигара арадохур ду.
«Адаман кІант! Исраилан халкъана хІетал-метал а даладай, хьекъале дустар дийца.
ТІаккха аса, Яхьазкхиала, элира: «Маржа-яІ, Хьалдолу Эла! Халкъо сох лаьцна боху: „ХІетал-металшца дуьйцуш-м вац те иза?“»