Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас хьан мотт хьан къамкъаргах дІалатор бу, хьо вист ца хилавалийтархьама а, хьоьга и нах дІа ца хьебайтархьама а, хІунда аьлча иза аьрха халкъ ду. Цул тІаьхьа, Ас хьоьца кхидІа а къамел дича, хьан бага хьалагІатталур ю, хьан цаьрга ала йиш хир ю: „Хьалдолчу Дала иштта боху!“ ЛадогІа луучо ладогІа, ладогІа ца луучо ла ма догІа, хІунда аьлча иза аьрха халкъ ду». Со царна дуьхьалвер ву. Цхьана ханна уьш цІерах кІелхьарбевллехь а, хІинца цІаро уьш дІакхоллур бу. Со царна дуьхьалваьллачу хенахь хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Яхьазкхиал масална хир ву шуна: цо диннарг аша а дийр ду. И дерриг а кхочушдича, хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла“». Халкъ Бавеле дІадигначул тІаьхьа уьтталгІачу шеран уьтталгІачу беттан шуьйтталгІачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: Цундела вист ма ца хуьлу цу хенахь кхетаме верг, хІунда аьлча и зама луьра ю.
Выбор основного перевода