Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эле цхьа хІума доьхура аса, изза бен ца лоьху аса. Иза ду, со вехаш мел ву, Везачу Элан цІа чохь со Іен лаар, Цуьнан хазалле хьежархьама а, Цуьнан цІа чохь Цунах дагавалархьама а. Амма со Везачу Элера йолчу оьгІазлонах вуьзна ву, и оьгІазло соьга сайна чохь ца сецало». ТІаккха Везачу Эло элира: «И Сан оьгІазло арахь ловзуш долчу берашна а, кегийчу нахана а тІе хьажае. Майрачунна а, зудчунна а тІе дІаІанор ю, иштта хан яьлла волчу воккхачу стагана а тІе. Дуьххьара Сан Іаш йолу меттиг дІахІоттийна йолчу Шилун-гІала а гІой, хьовса, Аса цу меттигна хІун бохам байтина, Сан Исраилан халкъо лелийна долу вонаш бахьана долуш. Цундела Шилун-гІалина динарг Аса хІинца Сан цІе лелош долчу хІокху цІенна а дийр ду, шу оцу цІийнах тешна Іаш доллушехь а, Аса хІара меттиг шун дайшна дІаеллехь а. Шайн дашочу а, даточу а хІуманех дозаллаш а дора цара, ткъа оцу хІуманех шайн дегаза а, ирча а цІуш бора, цундела Аса оцу хІуманех царна дегаза хеташ долу хІума дийр ду. Ас и хІуманаш хІонс санна хийрачу нехан кара дІалур ю, ткъа дуьнен чуьра зуламхоша, деши а, дети а схьа а эцна, иза бехдийр ду. Цул тІаьхьа гулбеллачеран тобано царна тІе тІулгаш кхуьссур ду, таррашца уьш цоьстур а бу, цу зударийн кІентий а, зудабераш а дойур а ду цара, иштта церан цІенош а дохор ду.
Выбор основного перевода