Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Тахана а къаьхьа ду сан аьрзнаш, куьйгаца сайн узарш ас Іаткъадахь а. qac Аqac*тта дац дика а, оьзда а йолу зуда каро, ткъа иштта йолчу зудчун мах жовхІарийн мехал а лакхара бу. Нагахь аша Везачу Эле ла ца догІахь, со къайла а ваьлла, воьлхур ву, шун куралла бахьана долуш. Сан белхар къаьхьа хир ду, Сан бІаьргаш хих буьзна хир бу, Везачу Элан жа йийсаре дІадигна хиларна. Цундела иштта боху Везачу Эло: «Тезет долчу керта ма гІолахь, цигахь кадам а ма белахь, хІунда аьлча Аса и къам машарца кхин декъалдийр дац, – боху Везачу Эло, – царна Сан безам а, къинхетам а кхин гойтур бац. Веллачу паччахьах белхар а ма хІиттаде, иза дІакхалхарх тийжарш а ма хІиттаде. ХІетте а, даггара тийжа цуьнан кІантана, хІинца йийсаре дІавуьгуш волчу, иза кхин цкъа а цІа ца верзарна а, ша вина мохк цунна кхин ца гарна а. Іуьйранна аса нахаца къамел дира. Цу суьйранна сан зуда кхелхира. Ткъа шолгІачу дийнахь Іуьйранна аса Везачу Эло сайга аьлларг дира. Динан вежарий! Аса хІара боху шуьга: хан кІезиг йисна, цундела хІинца дуьйна зударий балийнарш а, шайн зударий боцуш санна хила беза. Шух боьлхуш берш а ца боьлхуш санна хила беза. Хазахетар хилларш а хаза ца хетча санна хила беза. ХІума оьцурш а и эцнарг шайн долахь доцуш санна хила беза.
Выбор основного перевода