Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а ницкъийн Везачу Эло аьлларг сайн лергашца хезира суна. «ХІокху къинна гечдийр дац шуна, шаьш делла дІадовллалц», – чІагІо йира массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. Уьш аьрха нах бу, царна юкъахь мотт беттар даьржина, уьш мекха йиллича кхулуш долчу эчигах а, цІастанах а тера бу. Левси чІогІа кховсуш ю, дашца цхьаьна цІаро детих йоллу боьхалла дІаяккхархьама. Дети лалош волчо эрна болх бина хилла, хІунда аьлча халкъ хІинца а вонах цІан ца делла. Сан халкъана, юхатеттина долу дети аьлла, цІе туьллур ю, хІунда аьлча иза Везачу Эло юхатеттина». ТІаккха, Сан оьгІазалла чекхъяьлча а, Сан дералла царна тІехь йисча а, Со Іебар ву. Царна тІехь йолу Сан моха чекхъяьлча, царна хуур ду Со – Сайн эмгараллехь вийцина волу Веза Эла хилар. Цундела Аса дІагойтур ю царна Сайн оьгІазалла, царах къинхетам а бийр бац, уьш кхоор а бац Аса. Уьш, маьхьарий а детташ, Соьга кхайкха буьйлалур бу, амма Ас ладугІур дац цаьрга». Со, Сайн дераллех Іаьбна ваьлча, Со карзахвуьйлучуьра соцур ву. Суна синтем хир бу, кхин оьгІаз а гІур вац Со. «Адаман кІант! ДІаала Исраил-махке: „Дала бекхам бечу дийнахь хьо цІанбаза бисина мохк а бу, хьан лаьтта тІе догІа а ца деана!“
Выбор основного перевода