Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къийвеллачу вашас ша хьайна вохкахь, ваца ма ве иза, лай санна. Хьо волчохь Іайта иза, цхьана ханна тІевеана стаг санна, меттахІотторан шо тІекхаччалц. ТІаккха, шен бераш схьа а эцна, гергарчу нахана тІегІур ву иза. Цигахь шен доьзалан латта юха схьаоьцур ду цо. ХІунда аьлча уьш Сан леш бу, Ас Мисарара арабаьхна болу. Уьш леш санна, бохка мегар дац. Къизаллица олалла а ма де цу стагана тІехь, хьайн Делах кхоьруш а хила. Шайна леш я гІарбашаш безахь, гонахарчу къаьмнашна юкъахь эца уьш. Иштта шайн махкахь тІебаьхкина Іаш болу нах а, шайн лаьтта тІехь кхиинчу церан тІаьхьенах берш а эца мегар ду. Уьш шун долахь хила мегаш бу. Шайн тІаьхьенашна бита а мега аша уьш, кхин болу бахам санна. Уьш гуттар а церан долахь хир бу, леш а хилла. Ткъа шайн вежаршна-исраилхошна тІехь къизаллица олалла ма де. «Нагахь санна шун Іебархойн къомах волу стаг я зуда шуна лолла вохкалахь, иза ялх шарахь шун лай хила веза. Амма ворхІалгІачу шарахь дІахеца иза. Цаьрга ас элира: «Вайн вежарий болу яхІудхой кхечу къаьмнашна боьхкина бара. Вай ма-хуьллу уьш мах белла юха схьабаха гІерташ лийлира. Ткъа шу юха а уьш леш санна шайн къомах болчарна бухкуьйтуш ду!» Тхьамданаш, ала хІума а доцуш, лаьтташ бара. Аша хІинццехь церан кхаш а, кемсийн бошмаш а, зайт-диттийн бошмаш а, цІенош а царна юхадерзо деза. Иштта юхаяла еза шаьш цаьргара ахчанна а, кІена а, чагІарна а, зайтдаьттанна а тІера яьккхина йолу ял а!»
Выбор основного перевода