Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шайн мостагІашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхІ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду. Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугІур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кІен сагІанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тІеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца хІаллакбийр бу Аса уьш». Дуьненан массо а кхечу пачхьалкхашна ирча масал дина дІахІоттор ю Аса Ярушалайм, яхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІун кІанта Маннаша динарг бахьана долуш. Аша нахана кхел ярх терра, шуна а кхел йийр ю. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах. Шу Іеха ма лолаш! Дела-м Іехалур вац, хІунда аьлча адамо ша дІадийнарг хьокхур а ду. ХІунда аьлча къинхетам боцу кхел хир ю шегара къинхетам ца гайтинчунна. Къинхетам кхелал а лакхара бу.
Выбор основного перевода