Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даудан гІалахь йолчу шена кечйинчу къубби чохь дІавоьллира Аса. Хаза хьожа йогІучу хІуманех а, тайп-тайпана хьакхарех а буьзначу барамна тІе диллинера цуьнан дакъа. Асина лерина вуно йоккха цІе латийра. Иштта де дийне мел дели, цамгаро эшош, кІелвитира иза. Ткъа шолгІа шо чекхдолуш, оцу цамгаро цуьнан кийрахь мел йолу хІума цунах дІакъастийра. Цу цамгаро къиза хьийза а вина, ЯхІурам велира. Шен дайшна латош ма-хиллара, ЯхІурамна лерина йоккха цІе ца латийра халкъо. Цундела Везачу Эло яхІудхойн паччахь волчу Юши-ЯхІун кІантах ЯхІу-Якхамах лаьцна иштта боху: «Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яІ сан ваша! Маржа-яІ сан йиша!“ Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яІ сан олахо! Маржа-яІ сан паччахь!“
Выбор основного перевода