Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу а, цуьнан тхьамданаш а, цу гІалара Іожаллин уьнах а, туьрах а, мацаллах а кІелхьардаьлла долу халкъ а дІалур ду Аса бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецаран кара а, уьш байа лууш болчу церан мостагІашна а. Набухди-Нецара уьш туьраца хІаллакбийр бу. Цо уьш кхоор а бац, царах къа а хетар дац, къинхетам а бийр бац“. Везачу Эло иштта боху: «ЯхІудхойн паччахьан цІа а гІой, цигахь хІара дешнаш дІаала: „Дауд-паччахьан тІаьхьенах волу яхІудхойн паччахь, ладогІа Везачу Элера болчу хааме – ахь а, хьан тхьамданаша а, хІокху кевнехула дІасалелаш долчу хьан халкъо а ладогІа! Цунна тІелеташ болчу хашадхоша, гІалина чу а баьхкина, гІаланах цІе а латийна, иза ягор ю. Шайн тхевнашна тІехь БаІална хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, кхечу деланашна чагІаран сагІанаш дахарна а, наха Со оьгІазвахийтина массо а цІенош шаьш дагийна хир ду. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара, ЯхІу-Якхаман кІентан ЯхІу-Яхинан метта, ЯхІуд-махкахь паччахьалла дан Юши-ЯхІун кІант ЦІадукъ-ЯхІу охьахаийра. Я ЦІадукъ-ЯхІус а, я цуьнан ялхоша а, я цу пачхьалкхехь болчу наха а ла ца дугІура пайхамар волчу Ярми-ЯхІугахула Везачу Эло аьллачуьнга. ЦІадукъ-ЯхІус Шалам-ЯхІун кІант ЯхІукал а, МаІсей-ЯхІун кІант динан да волу Цапни-ЯхІу а вахийтира Ярми-ЯхІу-пайхамар волчу дІаала: «Тхуна тІера доІа дехьа вайн Везачу Деле». Ярми-ЯхІу хІинца а набахти чу воьллина вацара, цундела иза шена луъучу метте ваха йиш йолуш вара.
Выбор основного перевода